Республикански конкурс «Нохчийн меттан хьехархо – 2019». Жам1

   Тахана оханан беттан 24-чу дийнахь "Нохчийн меттан хьехархо-2019 республикански конкурсан жамIаш билгал а дохуш, толамхошна, призерашна, декъашхошна а совгIаташ даларца, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствехь дIадаьхьира цхьаьнакхетар. 

    Жюрин сацамца толаман меттигаш кху кепара нисъелира:

1-ра меттиг - Эпсирханан Iабдуллин Раяна, Ножай-Юьртан кIоштан Зандакъ-Арарчу ЮШ нохчийн меттан а, литературин а хьехархо;
2-гIа меттиг - Къаиман Султанан Жарадат, Соьлжа-гIалин №7 йолчу ЮШ нохчийн меттан а, литературин а хьехархо;
3-гIа меттиг- Таьштамиран Iусманан Хедина, Грозненски кIоштан Мамкхин-КIотарарчу ЮШ нохчийн меттан а, литературин а хьехархо. 

    Дала тIаьхье беркате йойла шун, кхоллараллица хьеха Дала хьуьнар а лойла шуна!

 

24042019