Республикански конкурс «Нохчийн меттан хьехархо – 2019». 1-ра де «Хьехархочун васт», «Балха т1ехь зеделларг»

    Оханан беттан 17-чу дийнахь Нохчийн дешаран белхахойн говзалла лакхаяккхаран институтан дешаран корпусехь нохчийн меттан Денна лерина "Нохчийн меттан хьехархо" Республикански конкурсан хьалхара де дIадаьхьира. Конкурс дIаяхьаран Iалашо ю кхоллараллица болх бен нохчийн меттан тоьлла хьехархой билгалбахар а, царна г1о лацар а. Кхушара конкурсехь дакъалоцуш 15 хьехархо ву. Тахана царна хьалха хIоттийна ши тIедиллар дара: "Хьехархочун васт", "Балха т1ехь зеделларг". Оцу т1едахкарийн жамIашца тергамхоша билгалваьккхира финале ваьлла 7 хьехархо: 

  1. Гакаева Лида Лечаевна Соьлжа-гIалин №39 йолчу ЮШ нохчийн меттан хьехархо; 
  2. Гебаева Малика РуслановнаХьалха-Мартан кIоштан Iалхан-юьртан №1йолчу ЮШ нохчийн меттан хьехархо; 
  3. Таштамирова Хеда Османовна Грозненски КIоштан Мамкхин-КIотарарчу ЮШ нохчийн меттан хьехархо; 
  4. Каимова Жарадат Султановна Соьлжа-гIалин №7 йолчу ЮШ нохчийн меттан хьехархо; 
  5. Валиева Товрат Гиргиевна Аргун гIалин С.Д. Диканиевн цIарах №13 йолчу гимназин нохчийн меттан хьехархо; 
  6. Умарова Саламат Исаевна Шела гIалин Дешаран Центран нохчийн меттан хьехархо; 
  7. Эпсирханова Раяна Абдуллаевна Ножай-Юьртан кIоштан Зандакъ-Арарчу ЮШ нохчийн меттан хьехархо.

 

17042019